СИЙЛАХЬ КЪУРЪАН

Къуръан – иза Лекха волчу Дала Шен лешна билгалбаьккхина нийса некъ бу. Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, Шен Элчанна (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) делла даим лаьттар долуш долу муIжизат (Iаламат) ду. Дала Шен лешна хаьржина долу дин а, шариIат а ду иза. Цунах (Къуръанах) дIатасавелларг цкъа а галвер вац, Иза дитина кхин некъ лехнарг цкъа а нислур вац. Ислам-дин дегнашка дIакхачош болу Делан къинхетам бу иза, имадиллиначунна синкхача бу иза. Адам дуьненахь ирсе деш, эхартахь декъалдеш долу камил (кхачаме) низам ду иза. Делан Китабан (Къуръанан) къайле Цунна бен хаа йиш йоцуш йоккха ю, беркаташ дукха ду. Сингаттамехь волчунна синтем хуьлу иза дешча, цомгаш волчунна дарба хуьлу, тилавеллачунна нийса некъ карабо, боданехь волчунна серло го. Доллучу а Iилманан бух бу иза. Хьанал дерг, хьарам дерг къастош, бакъдерг, харцдерг билгалдоккхуш ду иза. Веза-Воккха волчу АллахIан сийлахь долу Калам (Къамел) ду иза. Дала, Лекха ву Иза, Ша ма аьлла: «Ахь ала (хIай Мухьаммад): «Адамаш а, жинаш а гулделча а хIокху Къуръанах тераниг (хаза къамел) дан, церан ницкъ кхочур ма ма бацара Цунах тераниг дан, царах цхьаберш вукхарна гIоьнчий хилча а» (Аль-Исраъ сурат, 88 аят). Къуръанан сийлаллех долу хьадисаш Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: «Къуръан дешалаш, баккъалла а иза Къемат-дийнахь ша доьшуш а, шеца Iамал еш а хиллачарна шафаIат деш (Деле царна гечдар доьхуш) догIур ду шуна» (Муслим). «Шух уггаре дика верг шена Къуръан Iамийна, (цул тIаьхьа) иза дIахьехнарг ву» (Аль-Бухарий). «Шен дешарехь говза а волуш Къуръан доьшуш верг, халкъан Iамалш дIаязъеш долчу, сийлахь а, Далла муьтIахь а долчу, маликашца цхьаьна хир ву (эхартахь). Тийса а луш, шена иза деша хала а долуш Къуръан доьшуш верг, цунна ши ял хир ю (дешаран ял а, доьшуш къахьегаран ял а)» (Аль-Бухарий, Муслим). «Дала хIокху жайница (Къуръанца) цхьадолу къаьмнаш (и доьшуш цуьнца Iамал еш берш) сий деш лакхадоху, ткъа кхиндерш (Къуръанах дIабирзинарш, дуьненна а, эхартана а дакъаза бохуш) лахадоху» (Муслим). «Баккъалла а Къуръанах шена хIумма а дагахь хууш воцург, иза йоьхначу гIишлох тера ву (чохь я бахархой а, я цхьа дика а доцуш йолчу)» (Ат-Тимирзий). «Къуръан доьшуш цуьнца шен Iамал нисъеш волчуьнга Къемат-дийнахь эр ду: Деша, (даржехь) лакхавала, дуьненахь волуш айхьа мадешшара меллаша а, хаза а деша, баккъалла а (ялсманехь долу) хьан дарж, ахь (дагахь хууш) доьшу долчу тIаьххьарчу аятан гергахь ду хьуна» (Абу-Давуд, ат-Тимирзий). «ХIара Къуръан хан хене мел ели доьшуш хилалаш (шаьш доьшург шайна дагахь Iамийта), Мухьаммадан са Шен карахь долчух (Делах) дуй ма буу ас, цуьнан дицделла карара далар, баргол тоьхна йолчара эмкал мукъаяларал чIогIа ма ду» (Аль-Бухарий, Муслим). «Шина стагах бен хьега мегар дац: Дала шена хьал делла, тIаккха оцу хьолах, Цуьнан пурбанца, дикачу хIуманна тIехь харж еш волчух а, Дала шена Къуръанан Iилма делла, тIаккха оцу Iилманца нахана юкъахь нийса кхиэл а еш, и Iилма нахана хьоьхуш волчух а» (Аль-Бухарий, Муслим). Х1оттийнарг: Сайдмохьмад Муртазаев